Забаре миниатюраш читать онлайн

О книге

Автор:

Жанр:

Издано в 2025 году.

У нас нет данных о номере издания

Аннотация

Сатирические, шуточные миниатюры на чеченском языке для взрослых и детей.

Вахит Хаджимурадов - Забаре миниатюраш



1. 1ашхой-мартанхочун забар.

– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.

– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.

– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.

– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.

– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.

– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.

2. Валаргхойн забар.

–Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.

– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.

«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:

– Хьажахь, яларгхо, иштта урам стенгахь бу хаьий хьуна?

– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.

– Ца хаьа делахь суна-м, и д1о воьдург валаргхо хилчи, хьо яларгхо ца хуьлу? – цецвелира юьртара воцу хьаша.

3. Пису-Мохьмадан жижиг-галнаш

Цхьамма-м пис-Мохьмад ца алархьама Пису-Мохьмад олуш керла ц1е кхьоьллина цхьана мартанхочунна.

Цхьана суьйрана лулхо чувог1уш хаавеллачу Пису-Мохьмадас, х1усамнанас х1инцца дина схьадаьхна жижг-галнаш, дехьачохь хьулдина. Хьулдар х1ун пайда бу, жижг-галнаш муха гена чомехь хьожакхеташ ду ма хаьий вайна-м. Лулахочунна хьалха-м Мохьмадан х1усамнанас стомарлера сискалан ах а, мустбелла шолг1а к1ира а долу морзберам а х1оттийна.

Жимма 1ийна лулахо д1авахан тохавелича Пису-Мохьмада бехказа-волун кеп х1оттийна:

– Деллахь, хьенех, бехк ма биллалахь хьо ледара т1еэцарна, юучух херделла тхо т1ехьарчу хенахь. И сискал, морзберам мерза хилла-м хира бац, – аьлла.

– Делахь, Пису-Мохьмад, дара уьш-м ша х1инцца схьадаьллачу жижг-галнийн хьожа а йог1уш! – жоп делла лулахочо.

4. Мумадан кибарчиг.

Пеш юттуш воллуш Махьмудан цхьа ц1ен кибарчиг т1е ца тоьина. Шен кертахь лахарх кхин ц1ен кибарчиг ца карийна цунна. Лулахь кестта ц1ен кибарчигах ц1а а доьттина 1аш волчу Мумадан керта кхайкхина Махьмуд

– Х1ун боху, – аьлла дуьхьала ц1ачура араваьлла Мумад.

– Деллахь, Мумад, цхьа еттана кибарчиг ма оьшура суна, пешана йилла ца тоьи сан, – дехар дина Махьмуда.

Дийнна кибарчиг кхоийна, шиъ ах а елла д1авахийтина Мумада лулахо.

Ши-кхо шо даьлча цхьа Делан аьтту хилла Махьмудас а долийна шена ц1ен кибарчигах дотта ц1а.


С этой книгой читают