Соьлжа-г1ала 3011 шо.
– 1алха, хьо х1инца а вижина 1уьллуш вац! Г1атта сиха! – ц1енкъаюккъе бес-бесара лепаш адаман дегг1ехь хир долуш доттаг1ан Т1аусан голографсибат х1оьттира.
1алха бамба санна к1еда, х1аваъ санна байн болчу маьнги т1ехь 1уьллура наб еш. К1ентана т1ехула иза къевлавоккхуш, дохк санна меттах хьиэш, дег1ана оьшу йовхо латтош юрг1а дара. Оцу дохкана-юрг1ана аьнглех санна чекх са гарехь бен гуш вацара 1алха. Ц1енкъаюккъера Т1аусан, куьйгаш лестош чекх са а гуш лаьтта голографсибатан, цо енчу г1овг1ана дан деззар дира эххар а 1алхас. Дохк санна долчу юрг1ана юккъера арадеира куьйг, буйнахь леррина хьаьжича бен ца хаалуш жима пульт а йолуш. Пультан т1ера нуьйда т1ета1ийна Т1аусан голографсибат, юьйсина сабана чопанах хилла лоппарг санна иккхина д1аяхара. 1алха кхин д1а мерза наб ян вуьйлира, шен пульт буйнахь куьг юрг1ана-мархана юккхехь хьулла а деш.
– Хьалаг1атта ца боху хьоьга, ва мунда! – ц1ог1 олуш кхин цкъа а д1ах1оьттира ц1енкъахь Т1аусан голографсибат.
1алхин юрг1а-мархийна юккъера хьаладог1уш пульт буйнахь куьг кхин цкъа а гушшехь, Т1аусан голографсибат:
– Хьайна космосал дукха наб езахь д1а1илла хьайна, – ц1ог1тохарца ша къевладелира.
1алха кхийтира, х1инца а ша хьала ца г1аттахь, баттана т1еяхан кечлучу берийн туристийн экспедицина юккъера шен доттаг1а Т1ауса дегбаам бийриг хиларах.
– Т1аус, со х1инцца араволу! – олуш шен голографсибат дахьийтира доттаг1чунна шен буйнара пультаца 1алхас.
Оцу пультаца цо къевладаьккхира марха-юрг1а, шен маьнгицина б1аьрганег1ар туохале.
– Сихха кхалла х1ума ло суна, – омра дира 1алхас кухни чуьра роботе. – Мела хи! – ванни чу волуш омра дира роботваннина а.
Сиха дег1ах хи кхаьрзина, пенаца ийначу шифонере:
– Т1еюхург! – олуш, воьдуш лаьтташехь, оцу чуьра аракховдийначу роботан куьйгашга шена т1е барзакъ озадайтира к1анта. Кухничура роботега хаъъал дегабаам бойтуш к1езига х1ума а кхаьллина аратилира 1алха. Т1ауса собар ца динера. Шен роботвилспетахь цхьа г1улч хиллал магнитан г1айбанат1ехь х1аваэ айвелла сихо йира цо Соьлж-г1алина «Къилбаседехьа» олуш йолчу шайн космокема лаьттичу космодроме.
Суйра-Корта олучу лекхачу «т1анк» аьлла хьаннех боьттина лаьттачу гу т1ехь дара бахархойн буьйшучу к1оштехь ц1енош. Кораш доцуш, дерриге а аьнгли санна чекхсагуш пенаш а тхевнаш а дара ц1енойн, амма арара чу хьаьжича чуьра нах ца гуш г1ирсах дина ц1а дара и. И ц1енош-м дара шадериг а робот санна. Х1усамдена лиъинчу метте ша х1аваэ долуш доьдий д1ах1уттура и ц1а. 1алхин ц1енна гуобаьккхина пепан, ножан, тайп-тайпана стоьмийн а, пальмийн а дитташ дара. К1ентан да-нана геннарчу Юпитер олучу планете йоьдучу экспедице даханера. Ткъа 1алха санна пхеалг1а классера бераш гена йоьдучу экспедица ца доъхийтура. Амма церан шайн туристийн экспедицеш вовшаха кхетий, уьш уллорчу баттана т1е-м оьхура. Цкъа хьалха кечам а бойтуш, бераш сиха1амочу роботкомпьютерца коьрте зеделларг а долийтуш, т1аккха бакъо лора берашна туристийн экспедице бахан. Дийнна к1ира кхочура 1алхин, Т1аусан роботкомпьютер кхарна а, кхин а берийн тобанца хьекъал луш йолу. Тахана т1аьххьара де дара. 1алха тахана т1ехьависахь тоъъал хьекъал схьаэца кхуьура вацара иза роботкомпьютергара.